Маркс, Карл
ХӀара йаззам Нохчийн Википедин хаьржинчарех бу |
Карл Маркс | |
---|---|
Karl Heinrich Marx | |
Бакъ цӀе | нем. Karl Heinrich Marx |
ГӀуллакхан тайпа | экономика, социологи, атеизм, философи, журналистика |
Вина терахь | 1818 шеран 5 май |
Вина меттиг | Трир, Прусси |
Кхелхина терахь | 1883 шеран 14 март (64 шо) |
Кхелхина меттиг | Лондон, Йоккха Британи |
Да | Генрих Маркс |
Нана | Генриетта Прессбург |
Зуда | Женни фон Вестфален |
Бераш |
|
Куьг таӀор | |
Карл Маркс Викилармехь |
Карл Генрих Маркс (нем. Karl Heinrich Marx; 1818 шеран 5 май, Трир — 1883 шеран 14 март, Лондон) — немцойн философ, социолог, экономист, йаздархо, политикин журналист, йукъараллин гӀуллакххо. Цуьна белхаш кхоьллира философехь диалектикан а, историн а материализм, экономикехь — тӀекхета механ теори, политикехь — классийн къиссаман теори[1]. Оцу хьажамах хилира коммунизман а, социализман а идеологин бух. Цунна цӀе тиллира «марксизм». Иза ву «Коммунистан партин манифестан» а, (дуьххьара арахецна 1848 шарахь), «Капиталан» а (1867 шо) автор. Цхьаболу цуьна белхаш йазбина бу Фридрих Энгельсца цхьана.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Жималла
[бӀаьра нисйан | нисйан]Карл Маркс вара кхозлугӀа бера Трирехь Ӏаш волу Генрих Маркс цӀе йолу жуьгтех ваьлла адвокатан. Иза вина цӀен адрес дара: Трир, Брюккергассе/Brückergasse, 664 (хӀинца Brückenstraße, 10. Тахана цигахь музей ю). 1819 шеран 15 октябрехь цера доьзулла Симеонштрассе/Simeonstraße, 8 адрес долу керла цӀеночу дахара. Тахана цигахь меморилан экъа йиллина йу.
Цьунан нана йара Генриетта Маркс, маре йахале Прессбург (я Пресборк, нем. Henrietta Pressburg, нидерл. Henrietta Presborck). Иза йара Нимвеген цӀе йолу гӀалера (тахана Неймеген, Нидерландаш).
1817 шарахь Карл Марксан дас протестантизм тӀелецира шен суьдхон хьехамчан даржах ца валархьам.
1830—1835 шерашкахь Карл оьхура Трирехь йолу Фридрих-Вильгельман гимнази (Friedrich-Wilhelm-Gymnasium (FWG)). Цо иза чекхйаьккхира 17 шо кхаьчча волуш хенахь.
Гимнази чекхйаьккхинчул тӀехь Маркс университет вахара, цкъа хьалха Боннехь (цигахь цо шина семестрехь дийшира), тӀаккха Берлинехь (цигахь цо цкъа хьалха юриспруденци Ӏамийра, амма тӀаьхьо цунна истори а, философи а йезайелира).
1836 шарахь цо мах бира Женни фон Вестфаленц (нем. Jenny von Westphalen). Иза йара 1814 шарахь йина. ТӀаьхьо иза цуьнан зуда хилира. Женни йара Карлан Софи цӀе йолу йоккха йишан доттагӀ.
1849 шо кхачале
[бӀаьра нисйан | нисйан]1841 шарахь Карл Марксас Берлинан университет чекхйаьккхира экстернаца. Цо йазйира «Демокритан натурфилософин а, Эпикуран натурфилософин а башхалаш» цӀе йолу докторан диссертаци[2]. Диссертаци цо йаьккхира Йенан университетехь Берлинан университетехь иза йоккхуш йан йеза харж сов хиларна бахьнехь.
Маркс цу хенахь гегельянец-идеалист вара. Берлинехь иза дъакхитира младогегельянцийн тобанех (цу йуккъехь бара Бруно Бауэр а, кхибераш а). Уьш бара Гегелин философех революцин жамӀаш йан гӀерташ.
Университет чекхйакхча Маркс Бонне дӀавахара цигахь профессор хила гӀерташ. Иза вара Бауэрца цхьана Боннан университетехь философи хьеха а, Людвиг Фейербахца цхьана журнал арахеца а, керста исбаьхьаллех лаьцна болх йазба а лууш. Амма Ӏедалан реакционни политика бахьнехь Марксас Ӏилма дита дизира. Цу хенахь аьрру гегельянцашца уьйра йолу Рейнан буржуазин цхьаболу векалаш Кёльнехь кхоьллира оппозицин газета «Rheinische Zeitung». Иза арадала доладелира 1842 шеран 1 январехь.
1842—1843 шерашкахь Карл Маркс вара оцу газетан журналист а, редактор а. Хьалха Марксас цензура дӀайакха йеза аьлла вист хилира, тӀаккха волавелира Ӏедалан критика йан. Цуьнан дукха статьяш йа ара ца йалитира, йа чӀогӀа хийцира.
1843 шарахь Маркс шен статьяшкахь нисса дӀабахар революци а йина Пруссин монархи дӀа а йаьккхина, цуьнан метте демократи хӀоттае. Ӏедалан иза кӀординера. 1843 шарахь газета дӀакъойлира. Цул хьалха Маркс редакторан болх бита дийзира, амма и дӀавелча газета кӀелхьара ца делира. Ша газетехь болх беш Маркс кхийтира шен политикин экономи ца хаьи. Цундела шен журналистан болх бешшехь иза политэкономи Ӏамо волавелира.
Маркс дагахь вара Крёйцнахехь Арнольд Ругеца цхьане журнал арахеца. Оцу журналан коьрта Ӏалашо йара немцойн а, французийн а демократаш вовшахтохар. Уьш бара журнал Парижехь арахеца лууш.
Пруссин Ӏедал гӀортира Маркс эца, цунна болх белла. Амма иза реза ца хилира. 1843 шеран октябрехь Маркс шен доьзалца Париже дӀавахара. Цигахь Марксан Генрих Гейне а, Фридрих Энгельс а бевзира. Фридрих Энгельсца Марксас ша валлалц доттагӀалла а лелира, цуьнца цхьане болх а бира. Энгельсас хьажийра Марксан тидам белхан классан хьалтӀе.
Парижехь Маркс болх бан волавелира белхалойн организацишца а, французийн а, немцойн а эмигранташца а. Цигахь цунна вевзира Пьер Жозеф Прудон а, оьрсийн эмигранташ Михаил Александрович Бакунин а, Василий Петрович Боткин а. Цунна бевзира дукха французийн а, кхоьчу пачхьалкхашийн а Парижехь Ӏаш болу революционераш.
1845 шарахь Маркс Ӏедало Парижера аравеккхира. ТӀаккха иза Брюсселе дӀавахара. ТӀаьхьа цига Энгельс а веара. Брюсселехь Марксас а, Энгельсас йазбира болх «Немцойн идеологи». Цигахь цара дицира Гегелин а, младогегельянцин а идейш харц хилар.
1847 шарахь Маркс а, Энгельс а халкъашна йуккъера «Нийсачера союз» цӀе йолу къайлаха пропагандан йукъараллин йукъабахара (цунна тӀаьхьа «Коммунистий союз» хилира). И йукъаралла йара немцойн эмигранташ кхоьллина. Оцу йукъараллос тӀедиллар кхочуш деш, цара хӀоттийра коммунистийн организацин программа — гӀарйалла «Коммунистан партин манифест». Иза арахийцира Лондонехь 1848 шеран 21 февралехь.
1848 шарахь февралин революци йолаелча Маркс Бельгера аравеккхира. Иза Париже йухавеара. 1848—1849 шерашкахь Германехь революци йолаелча иза Кёльне дӀавахара. Цигахь цо арахеца доладира доккха хӀора дийнахь арадолуш долу революцин газета «Neue Rheinische Zeitung». Оцу газетан хаьлхара номер арайелира 1848 шеран 1 июнехь. Редакцин йукъабахара Карл Маркс — коьрта редактор, Генрих Бюргерс, Эрнст Дронке, Фридрих Энгельс, Георг Веерт, Фердинанд Вольф, Вильгельм Вольф — редактораш. «Neue Rheinische Zeitung» газетас лора Германехь а, Европехь а болучу революцин хилларгийн кӀорге анализ.
Газета дӀакъоьвлира Саксонехь а, Рейнан Пруссехь а, Къилбера-Малхбузера Германехь а гӀовттар эшайича а, Ӏедал газетан редакторашан таӀзараш дан доладелча а. 1849 шеран 19 майхь арайелира цӀен басарца зорба тоьхна газетан тӀаьххьара номер.
Лондонан эмиграци
[бӀаьра нисйан | нисйан]Германера аравеккхича 1849 шеран 16 майхь Маркс шен доьзалца вахара Париже. Амма 13 июнехь цо демонстрацехь дакъа лаьцча иза цигара а аравеккхира. ТӀаьххьара Маркс шен доьзалца Лондоне вахара. Цигахь иза ша валлалц Ӏийра. Лондонехь цо кхоьллира шен коьрта экономикин произведениш, «Капитал» тӀехь.
Эмиграцехь ваха чӀогӀа хала дара. Маркс вехаш вара Энгельсас ахчанца деш долу гӀонца а, наггахь ша газеташкахь йазйешйолу статьяш бахьнехь а.
1850-гӀа шерашкахь Маркс волавелира шен экономикин теори кхолла. Цо дукха болх бора Британин музейн библиотекехь. Политикин экономи а, социальни философи а, бакъо а йоцурш, Марксас дукха кхидолу Ӏилманаш Ӏамийра (царна юккехь математика а, агрохими а, минералоги а).
Лондонехь Марксас чӀогӀа йукъараллин болх бора. 1864 шарахь цо кхоьллира «Халкъашна йуккъера белхалойн ассоциаци» (International Workingmen’s Association, тӀаьхьа цуьнан цӀе хийцира, Хьалхара Интернационал аьлла). Иза йара хьалхара массийн халкъашна йуккъера белхалойн классан организаци. Оцу организацин секциш йара дукха Европин пачхьалкхашахь а, АЦШ а кхоьллира[3].
Хьалха организацин йуккъе богӀуш бара анархисташ а, Британин тредюнионисташ а, Италин республикинцаш а. Кхано Марксан а, анархистийн куьйгалхон Михаил Бакунинан а коммунистан йукъараллех лаьцна, оцу йукъаралле тӀекхачаран некъашах лаьцна а барт ца хилар бахьнехь анархисташца барт буьйхира. 1872 шарахь Гааган конгрессехь анархисташ Хьалхара Интернационалера йукъара дӀабехира[4]. 1872 шарахь Парижан коммуна эшайича Хьалхара Интернационал Нью-Йорке дӀайахара. Амма 4 шо даьлча, 1876 шарахь Филадельфин конференцехь иза дӀайелира.
Пхеа шарахь йукъаралла меттахӀоттаян гӀертарех гӀуллакх ца хуьлура. Амма 1889 шарахь, Маркс веллачул тӀехь 6 шо даьлча, кхоллайелира ШозлугӀа Интернационал. Цунна йуккъе йогӀуш йара Ингалсан а, Францин а, Германин а, Испанин а, кхийолу Европин пачхьалкхийн а аьрру партешь.
1867 шарахь арайелира «Капиталан» хьалхара том.
Карл Маркс велира Лондонехь 1883 шарахь, 64 шо кхаьчна волуш. Иза дӀавоьллина Хайгейтан кешнашкахь.
2-гӀа а (1885), 3-гӀа а (1894) «Капиталан» томаш Энгельсас арахийцира Маркс веллачул тӀехь.
Коьрта ойланаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Марксан белхаш кхоьллира философехь диалектикан а, историн а материализм, экономикехь — тӀекхета механ теори, политикехь — классийн къиссамийн теори[1].
Марксан коьрта ойланашах кхета лиъча хаа деза, Маркс шен хьалхара образованица а, ойланан кепаца философ вара. 1848 шо кхаччалц иза кхиъна философ а, журналист а санна. Политикин экономи иза Ӏамо волавелла 30 шо сов кхаьчча. Политикин экономи цо Ӏамайора философас санна.
Маркс философ хилира дукха хьолехь Гегелин белханийн Ӏаткъамца. Гегелин ойланин бухехь дара «субъектах долу са» а (къаьстина стаг), «лаамза са» а (нахан йуккъехь долуш долу хьал а, бехкамалла а), «абсолютни са» а дуьхьалхӀоттор.
Гегелин хетара, стаг шен ойланца субъектан барамер абсолютни ойланин хетаре хьалавала йиш йолуш ву, лаамза долу дозанашах чекхволуш. Оцу ойлан леларах Гегельс олура «сан феноменологи», оцу леларан бакънашах а, логикех а — «диалектика».
Иштта, Марксан ойланашна боккху Ӏаткъам бира материализмас а, масала, Людвиг Фейербахан ойланаш. И Ӏаткъам гуш бу Марксас шира грекийн атомизамах лаьцна йазйина диссертацехь. Гегелин идеализман реза воцуш, Маркс младогегельянцийн тобана йукъавахара. Цара олура Гегель «коьртан тӀера когаш тӀе хӀотто веза» — Гегелин диалектика дуьненан хӀуманшна тӀейерзо йеза. Младогегельянцаш «субъектах долу сан» меттан билгала стаг къасто веза олура, оцу стаган лаамаш а, эмоциш а (М. Штирнер, «Единственный и его собственность»).
Маркс кхиъ гена вахара Гегелин хьехам табеш: цо «абсолютни сан» меттан хӀоттира билгала кхетамаш — йукъаралла а, пачхьалкх а, Ӏилма а, и. к. д.
Маркс а, Энгельс а лоруш дара адамаллин историн кхиарега бен талур дац нехан дахар: «Философаш дуьненан тайп-тайпан кхетораш лора, амма Ӏалашо йу дуьне хийцар» (Фейербахах лаьцна тезисаш, 1845, 11-гӀа тезис).
1848 шарахь арайелира «Коммунистан партин манифест». Цу чохь Марксас а, Энгельсас боху:
ХӀиццалца хилла массо а йукъараллин истори йара классийн къиссамийн истори… Таханлера буржуазин долара хьал ду тӀаьххьара а, уггара дуьззина а гайтам дацадаран а, антагонизман а тӀехь летташ йолу тайпан сурсатийн арахецаран а, схьадаккхаран а. Коммунисташ шайн теори схьаала йиш йу цхьана положеница: долара хьал хӀаллакдар.
Кхоьчу дешнашца аьлча, Марксан а, Энгельсан а хетарехь, дацадаран коьрта бахьан ду долара хьал хилар а, цо кхуллуш болу классийн къиссам а.
Йукъараллин дуьхь-дуьхьал хилар а, меттанийн а, культурийн а башхалаш а, мехкан къаьстина хилар Марксас а, Энгельсас а къастацабира уьш лараме бахьанаш ду аьлла. Цера хенахь хилла экономикин а, йукъараллин а кхиаро гойтура и дуьхь-дуьхьал хилараш чехка а, атта а эшало. Амма классийн къиссамаш чехка чӀагӀлуш йу.
Беррига цуьнан тӀаьхьбогӀуш болу теорин а, практикан а болх бара йукъараллехь долара хьал бахьнехь кхоллалуш йолу дуьхь-дуьхьалонаш талларан хьажийна.
Шен гӀуллакх дӀадолуш хенахь а хаьара Марксан долара хьал законаца дӀайаккхича цхьа а сакхт доцуш йукъаралла кхоллалур йоци. Иза дан гӀоьртача долчул вон йукъаралла кхоллалур йу:
… Муьлха а долара хьал ду вовшехь хьегарах а, нисвалан лаамех кхоллалуш. Морса коммунизм йу и хьегар а, и нисвалар а кхочушхилар. Цуьна кӀезиг барам бу. Иштта долара хьал дӀадаккхар нийса ца хилар гойту цо йерриге а хилла йолу культура а, цивилизаци а керстдаро а, Ӏаламан йоцу, чолхе доцу а, морса а, хьашташ доцуш а волу, доларан хьал лакха а ца волуш, оцу хьал тӀе кхачаз волу стаган тӀедар. Оцу тайпан коммунизман йукъарло йу къинхьегаман йукъарло а, йукъараллин капиталистас луш долу алап цхьатӀера хилар а, йукъаралла йукъара капиталист хилар а
[5].
Марксан ойланаш йуьззина йазйина цуьнан коьрта белхехь «Капитал. Политикин экономин критика».
«Коммунистан партин манифестехь» Марксас а, Энгельсас а элира:
Шайн ойланаш кйла йахар коммунисташ дешаш хӀума дац. Цара нийса дӀабах, цера Ӏалашонашна тӀекчаца йиш йац болуш болу берриг йукъараллин дӀахӀоттам хӀаллак бина бен. Ӏедал долу классаш кхера йеза тӀейогӀучу Коммунистан Революцех.
Амма тӀехьа Марксан капитализм эшаярех лаьцна ойланаш хийцайелира. 1872 шарахь цо бахара:
Тхуна хаьа тайп-тайпан пачхьалкхийн учреждениш а, гӀиллакхаш а, ламасташ а лара дезий. Дуьненахь цхьайолу пачхьалкхашкахь, масала, Америка а, Ингалс а, (суна дика йовзахьари ас Голланди а тӀетухур йара) белхалой шайн Ӏалашошна машеран некъаца тӀекхачалуш болуш. Амма иза иштта делахь а, Европин дукха пачхьалкхашахь вайн революцин зеразакъ хила беза ницкъ. Ницкъ бан безар бу белхан куьйгал дӀахӀоттада[6].
Марксан белхийн тӀаьхьенаш Ӏаламат йаккхий йу. Иза дин волуш хенахь кхоллайелира марксизм. Амма цуьнана ойланашна тӀетевжина практикан политика кест-кеста Марксан йоланашца йогӀуш ца хуьлура.
Историн материалистичеки кхетаман а хӀинца бу и кхетам истори ца Ӏамо бахьан долуш дукха доттагӀий. Таханлера хьал ду Марксас французийн 1870-гӀа шерашкара "марксистех" олуш хенахь санна: «Суна хаьа со марксист воци»[7]
Йазйинарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Белхаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Экономическо-философские рукописи (1844)
- Святое семейство, или Критика критической критики. Против Бруно Бауэра и компании. (1845)
- Тезисы о Фейербахе (1845)
- Немецкая идеология (1846)
- Нищета философии. Ответ на «Философию нищеты» г-на Прудона (1847)
- Заработная плата и капитал (1847)
- Манифест коммунистической партии (1848)
- Очерк критики политической экономии (Grundrisse) (1857—1858)
- К критике политической экономии (1859)
- Статьи о Гражданской войне в США (1861)
- Капитал, т. 1. (1867)
- Гражданская война во Франции (1871)
- Критика Готской программы (1875)
- Восемнадцатое брюмера Луи Бонапарта (1885)
- Капитал, т. 2. (1885)
- Капитал, т. 3. (1894)
- Капитал, т. 4. (1905—1910)
- Математические рукописи (арахецна СССРхь 1968 шарахь)
Арахецнарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Маркс К., Энгельс Ф. Соч.: 2-е изд. тт.1-50. — М., 1955—1981.
- Йуьззина сочиненийн гулам оригиналийн меттанашкахь. И арахецар хӀинца а чекхйалаз йу. Тахана 100 сов том арахецна.
- Марксан а, Энгельсан а архив.
Марксан роль
[бӀаьра нисйан | нисйан]«Дуьненан цхьанна а стага ца бина Карл Марксас ХХ бӀешарахь биначул боккху Ӏаткъам» (Жак Аттали[8]).
Йолуш йу Карл Марксан шен а, цуьнан йукъараллин ролин а, цуьнан философин а, социологин а дилларан а шуьйра мах хадоран спектр.
Маркс дина волуш хенахь а цхьаболчара Марксан йойланаш похӀме йу оле кхайкхайора, кхоьчара царна къиза критика йора. Марксан шен дукха белхаш бу шен дуьхьалболчарца къиссаман лерина йазбина. Къорге къаьмнийн хийцамашах чекхйойла, Марксан ойланаш хилира ХХ бӀешерийн революцин боламийн идейш[9]. Цара бира боккху Ӏаткъам XIX—XX бӀешерийн дуьненан историн.
Долуш ду кхидолу а хетарш Ӏилманан исторехь цуьнан меттигах лаьцна, амма ала йиш йу цуьнан ойланаш Ӏаламат боккху Ӏаткъам бина дуьненан историн.
1999 шарахь ВВС нахега дина хаттарехь, нахас Маркс лерира эзар шеран сийлахь воккху ойланча[10]. АЦШ Конгрессан библиотекан каталоган хаамашца, уггара дукха Ӏилманийн белхаш бу Марксах лаьцна йазбина[11]. Иза ву 100 дуьненахь массарелла дахар теллина нахана йуккъехь хьалханиг.
Бераш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Марксан а, цьунан зудчунан Женни фон Вестфален дара 7 бера. Царех диъ жима долуш делира:
- Женни (1844—1883), Шарль Лонген зуда;
- Лаура (1845—1911), Поль Лафарган зуда;
- Эдгар (1847—1855);
- Генри Эдвард Гай («Гвидо») (1849—1850);
- Женни Эвелин Фрэнсис («Франциска») (1851—1852);
- Элеонора (1855—1898), Эдуард Эвелинган зуда;
- 1857 шарахь дина бера цӀе тиллале делира.
Иштта а, бохуш ду Маркс цера гӀуллакххо Хелен Демутс («Ленхен») 1852 шарахь дина беран да вара[12].
Виццавар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Карл Маркс вина гӀалехь, Трирехь, иза вина цӀина чохь Брюккергассе/Brückergasse, 664 (хӀинца Brückenstraße, 10) хӀинца музей йу.
1917 шарахь Россиехь Октябран революци тоьлча, керла Ӏедал дӀахуттуш йеррига а Россиехь дукха гӀаланашкахь коьрта урамашна Карл Марксан цӀе туьллура. Масала, Москвахь революци хилале «Охотный ряд» цӀе йолу ураман Марксан проспект аьлла цӀе тиллира. Изза цӀе тиллира уллехь йолу метро станцин. Иштта, Марксан цӀе тиллира Ташкентан йуккъера ураман а, Туркменан ССРн пачхьалкхан библиотекан а, Тбилисехь йолу Республикин пачхьалкхан библиотекан а.
Хьалха Машар беш волу Паччахьан пик Памирехь тиллира Карл Марксан пик аьлла цӀе.
1919 шарахь Екатериненштадт гӀалин керла цӀе тиллира Марксштадт (1942 шарахь цунна керла цӀе тиллира — Маркс).
ШозлугӀа дуьненан тӀом чекхбелча Марксан цӀе тилла болабелира кхоьчу социалистически пачхьалкхашахь йолу объекташна. ГДРхь йолу Хемниц гӀалин тиллира Карл-Маркс-Штадт цӀе. Берлинехь йу Карл-Маркс-Аллее цӀе йолу урам. Оцу урамехь иштта цӀе йолуш метрон станци а йу.
1991 шарал тӀехь дукха объекташна хьалха хилла цӀераш меттахӀоттайира (масала, Москвахь Марксан цӀе йолу проспектан йуха а «Охотный ряд» цӀе тиллира) йа керла цӀераш йала болабелира. Цхьайолу цӀераш ша ма-ярра йисира. Масала, Пензехь 1919 шарахь Никольски ураман Карл Марксан цӀе тиллира. И цӀе хӀинца а йолуш йу. Иштта хьал ду дукха Российн гӀаланашкахь: Самара, Казань, Ижевск, Иркутск, Калининград, и. к. д.
2013 шарахь Россиехь йара 1343 объект (урамаш, майданаш, кхи йолу объекташ а) Карл Марксан (я Марксан) цӀе йолуш[13].
Памятникаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дуьненахь хьалхара Марксан памятник хьайиллинера 1918 шеран 1 майхь Пензехь[14].
Керла памятникаш хиттош йу советан Ӏедал дӀаделча а, амма хьалха санна дукха ца хиттайо. 2003 шарахь Калугин администрацин хьалха хоттийра Лев Кербельс йина Марксан керла памятник.
Москохан метрон станцехь «Охотный ряд» летташ йу Марксан бюст (хьалха станцин цӀе йара «Проспект Маркса»).
-
Марксан каш тӀехь йолу памятник
-
Москвахь Театран майданехь йолу памятник
Марканаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]-
Почтан штемпель
Марксан сурт тӀехь долуш
Кинохь
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Игорь Кваша («Год как жизнь» СССР, 1965 шо)
- Альфред Мюллер (Mohr und die Raben von London, ГДР, 1968)
- Вернер Крейндт («Фердинанд Лассаль», Ferdinand Lassalle, ФРГ, 1972)
- Леон Аскин («Meeting of Minds», телесериал, США, 1977)
- Ли Монтегю («Элеонора Маркс», телесериал, Англия, 1977)
- Юрген Рейтер («Маркс и Энгельс», «Marx und Engels — Stationen ihres Lebens», телесериал, ГДР, 1978-80)
- Венцеслав Кисев («Карл Маркс. Молодые годы», СССР-ГДР, 1979)
- Ив Рифо (Votre enfant m’intéresse, Франция,1981)
- Терри Джонс («Летающий цирк Монти Пайтона», «Monty Python’s Flying Circus», 1970; Monty Python Live at the Hollywood Bowl, 1982, США)
- Ульрих фон Бок («Генрих Гейне», Heinrich Heine — Die zweite Vertreibung aus dem Paradies ФРГ, 1983)
- Мед Хонда («1871», Англия-Франция, 1990)
- Карло Брандт («Женни Маркс», Jenny Marx, la femme du diable Франция, 1993)
- Мартин Хайдер («Лекции Марка Стила» «The Mark Steel Lectures», телесериал, Англия, 2003)
- Роберт Лор («Жизнь Генриха Гейне», Denk ich an Deutschland in der Nacht… Das Leben des Heinrich Heine ФРГ, 2006)
- Карел Затопек и Оливер Бойзен («Die Deutschen», телесериал, ФРГ, 2010).
- Андрес Матти («Coвременники», Франция-Швейцария, 2010)
Йазйинарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Маркс К., Энгельс Ф. Сочинения. Изд. 2 Тома 1 — 50 Архивйина 2015-02-22 — Wayback Machine в pdf-формате
- Маркс К., Энгельс Ф. Из ранних произведений Архивйина 2015-02-22 — Wayback Machine.
- Маркс К., Энгельс Ф. Сочинения. Изд. 2 в формате doc
- Карл Маркс в электронной библиотеке Нестор
- Карл Маркс в русской секции Marxists Internet Archive
- Философско-экономические рукописи 1844 года
- Математические рукописи — диалектическое представление математики и математической логики
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 «Классовая борьба» в Большой советской энциклопедии
- ↑ Д. В. Джохадзе. Проблемы античного атомизма в докторской диссертации Карла Маркса
- ↑ Интернационал 1-й
- ↑ Люди. РУ Михаил Александрович Бакунин
- ↑ Маркс К. Экономическо-философские рукописи 1844 года // Маркс К., Энгельс Ф. Соч. Т. 42. — С.116-118.
- ↑ К. Маркс о Гаагском Конгрессе
- ↑ Энгельсаc Конрад Шмидте йаздина кехат (5.08.1890г.)
- ↑ Неизвестный Карл Маркс в исполнении Жака Аттали — 2 — Личность в культуре — Правда. Ру
- ↑ Маркс // История философии. Энциклопедия: «Не будучи особо влиятельными при жизни Маркса, его идеи, пройдя региональную и национальную адаптацию и модернизацию (зачастую весьма кардинальную): А. Лабриола в Италии, Г. Плеханов и В. Ленин в России, К. Каутский и Р. Люксембург в Германии и др. — стали смысловым, доктринальным и моральным ядром идеологий, теорий и программ деятельности практически всех революционистских движений XX века, провозглашавших собственные мессианизм и социальную исключительность. Организациям такого типа оказался более чем приемлем потаенный дискурс доктрины Маркса: мир людей атрибутивно делим на „своих“ и „несвоих“, находящихся в состоянии антагонистического конфликта; ситуация эта кардинально разрешима только через захват „своими“ государственной власти; достижим посредством „перманентной революции“, то есть гражданской войны планетарного масштаба».
- ↑ BBC news. Marx the millennium’s 'greatest thinker'
- ↑ Громский А. Ху из мистер Маркс?(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Marx’s ‘Illegitimate Son’ …or Gresham’s Law in the World of Scholarship by Terrel Carver Архивйина 2011-07-01 — Wayback Machine
- ↑ Федеральная информационная адресная система Архивйина 2011-11-14 — Wayback Machine
- ↑ Документы и материалы по истории советско-чехословацких отношений. М., 1973. С.70.
Хьосташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Рокмор Т. Маркс после марксизма: Философия Карла Маркса. — М.: «Канон+» РООИ «Реабилитация», 2011. — 400 с. — ISBN 978-5-88373-065-5
- Воспоминания о К. Марксе и Ф. Энгельсе. Ч. 2. Институт марксизма-ленинизма при ЦК КПСС. — 3-е изд., доп. М.: Политиздат, 1988.
- К. Маркс. Биография. Институт марксизма-ленинизма при ЦК КПСС. 2-е изд. М., Политиздат, 1973.
- В. Ленин (Ульянов), «Карл Маркс. Краткий биографический очерк с изложением марксизма» Архивйина 2013-01-19 — Wayback Machine
- М. А. Бакунин. Личные отношения с Марксом Архивйина 2010-09-22 — Wayback Machine
- Н. И. Ульянов, Замолчанный Маркс
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Karl Marx Викилармехь |
- Карл Маркс. Программа «Эха Москвы» из цикла «Всё так»
- Марксистская теория экономического развития капитализма
- Марксизм: не рекомендовано для обучения — книга Бориса Кагарлицкого.
- Биография Карла Маркса Архивйина 2012-09-21 — Wayback Machine(нем.)
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |