Чулацаман тӀегӀо

Дош

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Дош — меттан хӀоттаман коьрта барам бу. Дешан хӀоттам лоьхучу хьокъехь кхолладелла морфологи цӀе йолу Ӏилма.

Грамматикин маьӀнаца дешнаш шина кепара хуьлу:

  • къамелан лааме дешнаш — цӀердош а, билгалдош а, хандош а, куцдош а.
    • тайпанаш — терахьдешнаш а, цӀерметдешнаш а, айдардешнаш а
  • къамелан гӀоьнан дешнаш- дешнаш вовшахтоха леладо — хуттург а, дакъалг а и дӀ.кх.

Меттан дерриге а дешнех лексика олу. Меттан дешнаш (лексика) Ӏамочу меттан Ӏилманан декъах лексикологи олу. Лексикологин дакъош ду:

  1. семасиологи (семантика)
  2. фразеологи
  3. диалектологи
  4. лексикографи
  5. этимологи

Дешнийн тайпанаш а, церан маьӀнаш а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Дешнийн тайпанаш, церан маьӀнаш Ӏамочу лексикологин декъах семасиологи (я семантика) олу. Дешнаш шайн маьӀнашца а, билгалонашца а, башхаллашца а тайп-тайпана хуьлу. Цу агӀонашкахьара дешнийн хӀара тайпанаш къаьста: омонимаш, синонимаш, антонимаш, идиомаш, табу, эвфемизмаш, неологизмаш, историзмаш, диалектизмаш, терминаш, профессионализмаш.

0монимаш, дӀаалар а, яздар а цхьатерра а долуш, тайп-тайпана маьӀна долу дешнаш ду.

Масала: цӀе (хӀуманан)-цӀе (латош ерг), мӀара(пӀелган)-мӀара(чӀерий лоьцург).

Нохчийн меттан омонимаш кхоллаяларан некъаш тайп-тайпана ду. Цхьайолу омонимаш кхоллаялар цхьана а кепара вовшашца доьзна дац. Иштта ю хӀокху тайпана омонимаш: са (серло) — са (хӀуманан са).

Кхечу маттара тӀеэцна дешнаш шайн фонетикин а, морфологин а хӀоттамца нохчийн маттахь долчу дашца цхьаьна нисдаларо а кхуллу омонимаш. Масала: дин(говр)-дин(Ӏаьрбийн маттара тӀеэцна).

Тайп-тайпанчу меттанашкара нохчийн матте даьхкинчу тайп-тайпана маьӀна долчу дешнийн алар цхьаьна нисдаларо а кхуллу нохчийн омонимаш. Масала: дуга(даар-туркойн маттара)-дуга(ворданан гӀирс-оьрсийн маттара).

Шайн схьадаларца (этимологица) вовшех доьзна а долуш, амма шайн маьӀна хӀинца вовшашна гена даьллачу дешнех кхоллаелла хила а тарло омонимаш. Масала: неӀ(цӀийнан неӀ)-неӀ(хьайбанан неӀ), кеп(хорма)-кеп(куралла).

Шайн кхоллаяларе хьаьжжина, хила тарло лексикин омонимаш а, грамматикин омонимаш а.

Лексикин омонимаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Лексикин омонимаш гуттар цхьаьна къамелан декъера долчу дешнех лаьтташ хуьлу(цхьацца болчу Ӏилманчаша юьззина йолу омонимаш а олу царах). Масала: амал (таро) — амал(стеган), лаг(дегӀан меже)-лаг-стоьман).

Лексикин омонимаш чу догӀу дешнаш муьлххачу а грамматикин формехь делахь а, церан алар цхьанатайпанара хуьлу. Масала:

хьайба(бежана)-хьайба(стом). Цу шина дешан дожарийн форманаш а(хьайбанан, хьайбанна, хьайбано, хьайбане, хьайбанца, хьайбанах, хьайбанал), дуккхаллин терахьан форманаш а цхьатерра ю.

Грамматикин омонимаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Цхьанатайпанара алар цхьацца йолчу грамматикин форманашкахь бен нис ца луш омонимаш а ю нохчийн маттахь. Шайн цхьанатайпанара алар грамматикин бахьанашца доьзна йолчу омонимех грамматикин омонимаш я омоформаш олу. Масала: майра (цӀердош) майра (билгалдош), харцо (цӀердош) харцо (хандош), хаза (хандош) хаза (билгалдош), бекъа (цӀердош) бекъа (билгалдош), деха (билгалдош) деха (хандош).

Дукхахьолахь грамматикин омонимаш чу догӀу дешнаш тайп-тайпанчу къамелан декъера ду. Грамматикин омонимаш чу догӀучу дешнийн цхьанатайпанара алар цхьана-шина я кхаа формехь бен нислуш дац. Масала: кхаба (цӀердош) -кхаба (хандош).

Шайн юьхьаьнцарчу формера, цу шина дашах цхьаъ дӀа а даьккхина, хийцича, царах омонимаш ца хуьлу, хӀунда аьлча алар цхьанатайпанара хир дац церан. Масала: кхабано (кхаба бохучу цӀердешан дийриг дожар) кхеби (кхаба бохучу хандешан хӀинц яхана хан).

Грамматикин омонимаш цхьана къамелан декъа чу догӀучу дешнех лаьтташ хила а тарло: Масала: ваха (цхьанхьа) — ваха (маларх), дахьа (ца кхера) — дахьа (цхьа хӀума).

Амма церан а цхьанатайпанара алар цхьана-шина формехь бен нислур дац. Дуста: ваха (карара хан-воьду)-ваха (карара хан-веха), дахьа (карара хан-даьхьа)-дахьа (карара хан-хьо).

Цхьаболчу Ӏилманчаша юьззина йоцу омонимаш а олу грамматикин омонимех.

Фонетикин омонимаш (омофонаш)

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Лексикин а, грамматикин а омонимех къасто езаш ю фонетикин омонимаш. Фонетикин омонимех омофонаш а олу. Тайп-тайпана маьӀна а, яздар а долуш, амма ларехь цхьаьна нислуш долчу дешнех хуьлу фонетически омонимаш.

Тайп-тайпана фонетикин башхаллаш бахьана долуш нисло омофонийн цхьатерра алар. Масала: догӀа (цӀердош)-догӀу (хандешан карара хан). Оцу дешнийн чаккхенашкахь долу мукъа аьзнаш шеконан хилар бахьана долуш‚ хьалхарчу шина дешан алар а цхьаьна догӀу, шолгӀачу шина дешан алар а цхьаьна догӀу (оха-оха, догӀа-догӀа).

Классашка декъар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Шайн маьӀне хьаьжжина

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • къамелан лааме дакъош;
  • къамелан гӀоьнан дакъош;

Къамелан дакъош

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Дешнаш тайп-тайпана къамелан дакъошка йекъало, масала: цӀердош а, билгалдош а, хандош а и дӀ.кх.

Шайн схьадаларца

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • бакъ дешнаш (ширачу маттахь лелина дешнаш)
  • тӀеэцна дешнаш (кхечу мехкийн меттанашкара тӀеэцна дешнаш)

Пайда эцаран aгӀoнца

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • массара леладеш долу дешнаш
  • шира дешнаш:
    • историзмаш- цхьацца хӀума дӀаяларца дош дицло
    • архаизмаш (шира дешан метта керла дош юкъадолу)
  • неологизмаш (керла юкъадевла дешнаш)
  • терминаш- леррина (говзаллин) дешнаш
  • арго а, жаргон а, слэнг а (цхьана социалан я корматаллин тобанан мотт)
  • халкъ-нехан дош
  • боьха дешнаш

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
pFad - Phonifier reborn

Pfad - The Proxy pFad of © 2024 Garber Painting. All rights reserved.

Note: This service is not intended for secure transactions such as banking, social media, email, or purchasing. Use at your own risk. We assume no liability whatsoever for broken pages.


Alternative Proxies:

Alternative Proxy

pFad Proxy

pFad v3 Proxy

pFad v4 Proxy