Океани
Океа́ни — Тийна океанан йуккъерачу а, малхбузен а декъашкара шортта гулделлачу гӀайренийн а, атоллийн а гулдаран цӀе[1][2]. Океанин дозанаш билламе ду. Малхбузен доза лору Керла Гвиней гӀайре, малхбален — Пасхин гӀайре. Дукха хьолахь, Океанин йукъа ца туху Австрали, ткъа кхин а къилба-малхбален Азин, Генара Малхбален, Къилбаседа Америкин гӀайренаш а, архипелагаш а. Географин мехкашӀаморан декъехь, Океани Ӏамайо ша йолу дисциплина санна — океанистика.
Географин хӀоттам
[бӀаьра нисйан | нисйан]Океани дуьненахь уггаре дукха гӀайренаш долу меттиг йу, лаьтта Тийна океанан къилба-малхбузан а, йуккъерачу а декъехь, субтропикийн Къилбаседа а, барамера Къилба эхиган а шораллашна йукъахь[3]. Дуьненан латта дакъошка доькъучу хенахь Океани дукха хьолехь цхьаьнатуху Австралица дуьненан цхьаьна декъе Австрали а, Океани а[3], наггахь ша лаьтта дуьненан дакъа санна билгала йоккху[4].
Географин агӀора Океани йекъало масех регионашка: Микронезега (къилбаседа-малхбузехь), Меланезега (малхбузехь), Полинезега (малхбалехь); наггахь билгала йоккху Керла Зеланди[4].
Океанин гӀайренийн йерриг майда (царех уггаре йоккханиг Керла Гвиней йу) 1,26 млн км² (Австралица цхьаьна 8,52 млн км²) йу, бахархой — 10,7 млн ст. гергга (Австралица цхьаьна 32,6 млн ст.). Австрали чот ца йича, Океанин майда а, бахархойн барам а африкин Чад пачхьалкхаца цхьаьна могӀар хӀотто мегар ду.
Океанин гӀайренийн бердаш дашадо Тийна океанан дукха хӀордаша, масала, Маржанан хӀорд, Тасманан хӀорд, Фиджин хӀорд, Коро хӀорд, Сулейманан хӀорд, Керлагвинейн хӀорд, Филиппинийн хӀорд), кхин а ХӀиндин океанан Арафурийн хӀордо а.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ https://bse.slovaronline.com/24886-OKEANIYA Большая Советская энциклопедия
- ↑ https://www.britannica.com/place/Oceania-region-Pacific-Ocean Энциклопедия Британника
- ↑ 1 2 БСЭ, статья «Океания».
- ↑ 1 2 БРЭ, статья «Океания».
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Океания каталог чохь йу хьажоргаш Open Directory Project (dmoz).
- Институт географии Российской Академии Наук. Информация про Океанию.
- U.S. Geological Survey, U.S.Department of the Interior. Glaciers of Irian Jaya, Indonesia, and New Zealand Архивйина 2008-06-02 — Wayback Machine