Туьта
Туьта (йу) (лат. cranium) — коьртан даьӀахкийн хӀоз. Адаман туьта 23 декъах хотталуш йу, царах 8 дакъа шалха ду, ткъа 7 дакъа цхьацца бен дац. Цул совнаха туьтин чохь юккъера лерган шишшайолу лерсин даьӀахкаш хуьлу. Уьш кхоъ хуьлу: лергнуьйжа, лерглуьйта, лергжӀов[1]. Цул совнах, лакхара а, лахара а мочхалшан т1ехь хуьлу цергаш.
Туьтан функци
[бӀаьра нисйан | нисйан]1. Ларйаран. Коьрта чуьра хье а, кхийолу воканаш а ларйар
2. ГӀорторан. Шен чохь воканаш сацайар, уьш меттах ца хьейаран
3. Хьиэйаран. Адам доладаларан функци[2].
Дакъош
[бӀаьра нисйан | нисйан]1. Хьен даьӀахк (лат. Parietale os)
2. Хьаьжан даьӀахк (лат. Frontale os)
3. ЗайлдаьӀахк (лат. Sphenoidale os)
4. Лергюхан даьӀахк (лат. Temporale os)
5. БӀаьрхин даьӀахк (лат. Lacrimale os)
6. Меран даьӀахк (лат. os nasi)
7. БӀаьрдаьӀахк (лат. os zygomaticum)
8. Лакхара мочхал (лат. Maxilla)
9. Лахара мочхал (лат. Mandibula)
10. ТӀуьскан даьӀахк (лат. os occipitale)
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Берсанов Р. У. Адаман анатоми(нох.). — Грозненский рабочий. — Соьлжа-ГIала (Грозный), 2010. — (нохчийн-оьрсийн атлас : латинийн-оьрсийн-нохчийн терминийн дошам). — ISBN 978-5-900231-94-5.
- ↑ Анатомия скелета. Анатомия человека в схемах и рисунках. Атлас-пособие. Н. В. Крылова, И. А. Искренко. М.: Издательство Российского Университета дружбы народов, 2005. 84 c. ISBN 5-209-01687-0.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Берсанов Р. У. Адаман анатоми(нох.). — Грозненский рабочий. — Соьлжа-ГIала (Грозный), 2010. — (нохчийн-оьрсийн атлас : латинийн-оьрсийн-нохчийн терминийн дошам). — ISBN 978-5-900231-94-5.