Content-Length: 185842 | pFad | https://ce.wikipedia.org/wiki/%D0%9A%D1%8A%D0%B8%D0%BD%D1%85%D1%8C%D0%B5%D0%B3%D0%B0%D0%BC

Къинхьегам — Википеди Чулацаман тӀегӀо

Къинхьегам

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
«Къинхьегам» — Браун Форд Мэдоксан сурт (XIX бӀешеран йукъ)


Къинхьегам — цхьаьна стега йа йукъараллин хьашташ кхочушдан хьажийна пайден Ӏалашонна энерги йойу адаман гӀуллакх.

Къинхьегам къастабо хӀума арахоьцу а, ца хоьцу а[1]. ТӀаьхьарчунна йукъатуху репродукцин къинхьегам, масала, сурт, чертеж, меттиган план.

Къинхьегаман антоним садаӀар ду, иза хила тарло Ӏалашо йолуш гӀуллакх[2]. Наггахь къинхьегаман а, садаӀаран доза чухула долуш хила тарло: дешар, чӀара лацар, спорт, хобби.

Арахецаран къинхьегамехь адамо шен къинхьегаман гӀирсашца Ӏаламан дакъош шен Ӏалашонна карадерзадо, хуьйцу, механикин, физикин, химин хӀуманийн хьесапаш леладо, хьалха дуьйна хӀоттийна Ӏалашоне кхачорхьама вовшашна Ӏаткъам бойту Ӏаламан хиламашна[3][4].

Экономикин категори агӀора, къинхьегам арахецараллин факторшарахецараллин факторех цхьаъ йу.

Историн материализмехь къинхьегаме хьовсу йукъараллин дахарера фундаментан бухе санна. Цул сов, къахьоьгуш кхоллало арахецараллин йукъаметтигаш, церан амалша иштта хаъал Ӏаткъам бан тарло шена къинхьегамна.

Къинхьегам кхиаран тӀегӀанан коьрта критерии къинхьегаман жамӀ хила ца Ӏа, кхин а лело къинхьегаман гӀирсаш а бу, царна чохь гайтина материалан арахецаран тӀегӀа а, йукъараллин къинхьегам бекъаран тӀегӀа а.

Къинхьегам лаамца а, лаамаза а, ца ваьлла бен а хуьлу (масала хила тарло ша мукъа ца Ӏар, йалхо, лолла).

Адам кхиарехь къинхьегаман роль

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Адаман къинхьегам шен хьекъало хьажийна Ӏалашонца а, жигара къинхьегаман гӀирсаш лелорца а къаьста дийнатийн амалех. Аьтту жамӀ дан гӀерташ, адам доцуш, кхин дийнаташ делахь а гуонахьара хӀуманаш лелош, амма цара кеч ца йо цхьаьна къинхьегаман гӀирсца кхин гӀирсаш. Маймалаш лелайо гӀожмаш, леладо тӀулгаш, амма цкъан а ца кечйо уггаре атта тӀулган жӀов а. Къинхьегаман гӀирсаш тодаро, цара цхьаьна арахецаро а, лелоро а хаъал Ӏаткъам бира адам кхиарна тайпа санна а, йукъараллин йукъаметтигийн система санна а. Маркс Карл а, Энгельс Фридрих а хьожура къинхьегаме адаман истори кхолларан коьрта «кхоллархочуьнга» санна, цара аратеттира адам схьадаларан а, йукъаралла схьайаларан а «къинхьегаман гипотеза».

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Жильцов Д. Е. Производительный труд и непроизводственная сфера общества // Управление образованием: теория и практика, 2014. № 3
  2. Дзоблаева В. Х., Зайцева М.В.Соотношение категорий труда и отдыха // Международный журнал гуманитарных и естественных наук, 2019
  3. Труд. Энциклопедия социологии. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 10 февраль. Архивйина 2013 шеран 5 июнехь
  4. К. Маркс Капитал. Том 1. Глава 5. Процесс труда и процесс увеличения стоимости.

    Труд есть прежде всего процесс, совершающийся между человеком и природой, процесс, в котором человек своей собственной деятельностью опосредствует, регулирует и контролирует обмен веществ между собой и природой.









ApplySandwichStrip

pFad - (p)hone/(F)rame/(a)nonymizer/(d)eclutterfier!      Saves Data!


--- a PPN by Garber Painting Akron. With Image Size Reduction included!

Fetched URL: https://ce.wikipedia.org/wiki/%D0%9A%D1%8A%D0%B8%D0%BD%D1%85%D1%8C%D0%B5%D0%B3%D0%B0%D0%BC

Alternative Proxies:

Alternative Proxy

pFad Proxy

pFad v3 Proxy

pFad v4 Proxy